Портал Дошкольного Образования Чеченской Республики

"Гимн Чеченской Республики" (на Чеченском)

27.03.2023

 

Харцоно ц1е тесна,хийла хьо йагарх, Нохчийчоь ца йоьжна-г1еттина йаха. Кавказан ткъес хилла- маршонан ага, Хьан лаьттан сий дина йаьхь йолчу наха.

Барт болу хьан къаьмнаш – мах боцу беркат! Хьо йоцург, Нана яц нохчийн халкъ хьаста. Тхан дахар, тхан дерзар Даймехкан кхерчахьДекъалдар доьхуш ду, Далла беш хастам.

Башламан баххьашка дайн синош дуьссу. Органа тулг1ено ненан мотт буьйцу. Исбаьхьа совг1ат хьо, азаллехь делла! Шатлакхан илли ду тхуна ницкъ белларг!

Къинхьегам, хьан хьуьнарш хазделла шайна, Хьайн халкъан лерамбар кхаъ хуьлда хьуна. Машаран г1аролехь ирсан некъ тайна, Сий долуш, Нохчийчоь йехийла тхуна!