Портал Дошкольного Образования Чеченской Республики

"Нохчийн мотт- сан дозалла"

22.04.2026

Кху деношкахь дуьненахь бехачу массо а нохчаша даздеш ду ненан меттан де. Дуьххьара 2007-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Р.А.Кадыровс шен омрица т1еч1аг1дира и деза де билгалдаккхар. Цу шарахь д1адоладелла, нохчийн меттан де даздеш ду 25-чу апрелехь.

«Мотт мел беха деха къам», — олуш ду вай дайшкахь дуьйна. Иза ларбахь дуьсур ду къам, амма вай вайн ненан мотт тахана 1алаш ца бахь, вайн кхане бодане йу. Ненан мотт бу вайна дахар довза а, къоман оьздангалла йовза а 1амош, къомана а махкана а пайденна болуш, г1иллакх-оьздангаллийца къонахий кхиош берг. Вайн декхар ду ненан маттаца йукъаметтиг хилийтар, иза Iалашбар, марзбар, баржор, бовзийтар. Вайн культурин а, историн а бух бу иза. Цундела вайна тIехь дерг доккха жоьпалла ду. Ненан матте безам доьзалехь кхолла безаш бу, тIаккха иза дIабер бац.